Боккха Китайн пен (кит. 長城, 长城, : Chángchéng, : «Беха пен» я кит. 萬里長城, 万里长城, : Wànlǐ Chángchéng, : «10 000 ли беха пен») — массарелла а йоккха архитектуран памятник. Иза ю Къилбера Китайхь. Цуьнан йохалла ю 8851,9 км (генашца цхьана), Бадалин га долчехь Пекинан уллехула боьдуш бу. Цхьана йистера кхоьчу йисте кхаччалц иза бу 2500 км. Пен бу 5-8 метр томма а, 6,7 метр лекха а (цхьайолу меттанашкахь 10 метр лекха).