Этна — сема стратотӀаплам, лаьтта Сицилин малхбален бердан йистехь, Мессина а, Катани а гӀаланашна гена боццуш. Иза Европехь уггаре лекха сема тӀаплам бу. Ӏаламан историн къоман музейн (АЦШ) хаамашца, 2018 шарахь Этнан локхалла хилира 3295 метр хӀордан тӀегӀал лакхахь. Иза сих-сиха хийцало Ӏаьтта моссаза бо. Иштта, 2010 шарахь тӀаплам 21 метр лоха бара, 1981 шарахьчулла а. Этнас дӀалоцу 1190 квадратан километр майда. Иштта, Этна — Италехь уггаре жигара тӀаплам бу, шен уггаре гергара тӀапломал — Везувийл — 2,5-за сов.
Этна Викиларма чохь |
Дерригдуьненан тӀаьхьало ЮНЕСКО, объект № 1427 оьрс. • англ. • фр. |