Парфено́н (шира.-грек. Παρθενών — йоӀ; цӀена) — Шира Грецин архитектуран памятник, Афинан Акрополь тӀехь йолу килс. Афинан а, еррига Аттикан а дола деш йола Афина (Ἀθηνᾶ Παρθένος) цӀе йолу делан сийдеш йина Шира Афинан коьрта килс. Йина в. з. к. 447—438 шерашкахь Калликрат цӀе йолу архитекторас. Проект хӀоттинарг вара Иктин. Перикл паччахь волу хенахь, в. з. к. 438—431 шерашкахь Фидийс куьйгал деш кечйина. Тахана чӀогӀа йохина ю, метта хӀоттош ю.