Шейх Заедан цӀарах маьждиг (Ӏаьр. مسجد الشيخ زايد) дуьненахь даккхийчарах (7-гӀа меттиг) маьждигах цхьаъ. Ӏарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь Абу-Даби шахьарехь лаьтташ долу маьждиг. Эмиратийн хьалхара паччахь хилла волу шейх Зайд ибн Султан ан-Нахайанан цӀарах схьадиллина ду. Цуьнан кош маьждиган йистехь ду.
Маьждиг схьадиллина 2007 шарахь мархийн баттахь.
Дубай шахьарехь долу Джумейра маьждиг чу санна милла (бусалба вацахь а) ваха йиш ю.
2008 шеран бекарг (март) баттахь Туризман министерствос дӀакхайкхира, маьждиган чохь экскурсеш йо бусалба а, керста а нахан.
Маьждиган чувалар а, экскурси яр а маьхза (махбоцуш) ду.