Тадж-Маха́л (хинди ताज महल, инг. Taj Mahal) — Инди пачхьалкхехь Агра гӀалахь йолу мавзолей а, маьждиг а. Иза ду Джамна цӀе йолу хин йистехь. Цуьнан архитектор хилла, схьахетарехь, Устад-Иса. Тадж-Махал яйтинарг ву Шах-Джахан шен зудчунна сий деш. Кхоно Шах-Джахан ша а дӀавоьллира кхузахь.