Йоккха Барьерин риф — дуьненахь уггар йоккха кораллийн риф. РaгӀехь 2900 дукха ша-ша кораллийн рифаш ю кхин Кораллан хӀордан чура 900 гӀайренаш ю, уьш ю Австралин къилб-малхбалера хӀордан йистехь 2500 км цара леца майда 344 400 квадратан километр (133 000 квадратан миль). Йоккха Барьерин риф ю Дуьнена тӀехь уггар йокха Ӏаламан объект, са долу хӀумнаш кхоьллина — иза космосера а гуш ю. ХӀокху рифан структура кхоьллина (йина) миллиардаш кегий чохь са долу хӀуманехь, Ӏилманехь кораллийн полипаш аьлла йоьвзуш йолу.